IаьнтIехь къастар

Шун кетIа ша хьаькхна шера.
Батта кIел къегаш ду ло.
БIаьрхиш а хьан беснеш тIера
Тардина седарчех цо…

Хаац-кха уьш хIунда леда,
Сан ойла гIайгIане хьош…
ТIаьхь-тIаьхьа ма маьIне хета
МаьIнанза мел аьлла дош.

Мискачу безаман цинцаш
Оьгуш ду, луо хилла дайн -
Замано хийцина хIинца
ДогIмаш а, синош а вайн…

Лепаш ду кхолламан гIалат
Хьан беснийн луо санна, кIайн…
Безаман экаме гIаларт
Вайшинна букъ тухуш, дайн…

Дишни-Ведана, 1978 шеран февраль


Рецензии