ХIунда ду сатийсар гуттар а гIайгIанах ийна...
Вовшашка сатуьйсуш вайшиъ а кIеззиг ца Iийна…
Цхьа хазахетар ду сагатдар хIун ду ца хууш -
Хаац-кха, вай хIунда дацара цуьнца Iан лууш.
Къоначу лехамехь цхьа сонта цакхетам IаьIна,
Вай хууш дацара атта дуй дахаран маьIна:
Муьлхха вай яккхахь а ирсан рагI лацаран лоьмар,
Ханна бен яц-кха вай идочу гIуллакхийн оьмар.
Абаде чолхе ю вай дуьхе ца кхиъал цкъа а -
Дуьненчохь хан йоккхуш цунна тIе ца къаьчна цхьа а.
Хеназа хьийзабеш хиндолчун собаре бера,
Гуш йоцчу чаккхене вай чIогIа сатийсинера.
Со чIогIа реза ву вай иштта тем байна Iерна,
Хан тIе ма-кхаьччи бен хир доцче сатуьйсуш эрна,
Ца хууш, дахаран жамIаш дар хир доций нийса
Болийна некъ бина валанза - гара я нийса…
Хоттане, 1981 шеран январь
Свидетельство о публикации №110111108348
