ХIорда йистехь

Исбаьхьа васт кхуза схьакхечи хьан,
Сан дагна совгIатна бос бахьаш цIена…
Суна гург ду-техьа семаллин гIан?
Я гIенан кхоьлахь со ву-техьа сема?

Амма сурт бIаьргашна хьалхара дIа
Ца долу, со а вац и сайх дIахердеш:
Хьан гIаларт стигалахь мотт лаьцна Iа,
ТIемашна кIел лоьцуш гIайренан бердаш.
 
Хетало, юьхьтIера маьлхан бос бовш,
Ахь хала детташ хьайн гIелделла тIемаш…
Хуьлда-кх хьо боккъал а халонаш ловш,
ХIаваэх сан дагна тIекхача Iемаш!
 
ДIо геннахь тIунъелла го анаюх,
Берда тIехь атало тулгIенийн тата.
Хьоьх тарло маякан серлонан дух,
Хьоьх тарло дIо хIордакеманан гата.
 
БIарлагIийн тобано веш хилла вох,
Езачун сурт хIотто и хилча оьшуш…
ТулгIенийн агIонаш хоьрцуш Iа мох,
ГIамарш тIехь ас язъен байташ а йоьшуш…

Победино, 1979 шеран бIаьсте


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →