Шен когашца цоьстуш бода буькъа...

Шен когашца цоьстуш бода буькъа,
Цициг санна, тхов тIехь лела догIа.
Цуьнан кIорни яцахь тамаш бу-кха
Дагах мIараш туьйсу байтан могIа.

Дешнийн хьуьнах тилабелла лелла,
Кхечи и сан дарбанечу кийра.
Хир ю цунна зов декоран къелла
ХIара догIа хетахь суна хийра….

Дагалецам денбан гIерта мох а,
БIаьрхих иэбеш иэсан хIора цинц а.
Цициг санна, тхов тIехь лела догIа.
Амма хьуна и дицделла хIинца…

Победино, 1979 шеран сентябрь


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →