Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша...

Бузуш сан уьйрашлахь шайн хьогIан маша,
Ма дукха-ъ хилла шу – са кIеззиг дерш.
Ма къен а дар-кха со шух цуьрриг ваша,
Шу гIерташ со малван - шайн хирриг деш.

Бахбеш сан букътехьа питанийн Iеха,
Аш туьйсу кхерамаш, сан ницкъаш зуьйш.
Бакъонца, Нийсонца дуьстича, уьш
Цхьанна а ца хета чемхалган меха.

Ас йоккху сирлачу сайн дагна гена
Доьналлин мох бетташ, шун синойн къахь.
Ас денна цоьстуш ю шун ачо къена:
Сан тур ду – сан дайша ларйина Яхь…

Соьлжа-ГIала, 1981 шеран февраль


Рецензии

С 3 по 5 июля состоится Литературный фестиваль в Этномире. В программе – семинары известных поэтов и писателей, поэтический конкурс, посвященный Году единства народов России, книжная выставкая-ярмарка. Приглашаем принять участие →