Сайн нене

Хебарша юьхь-сибат оху хьан, нана,
Шераша месаш йо хьан тIеттIа сир.
Сиркхонийн халбата хьо хиъчахьана,
Хаьдда сан къоначу синтеман тхир.

Комаьрша догучу хьан дагна гонах
Дикалло яьккхина шен дашо тир.
Ас дагахь Iамийна хьан амат къона,
Къизачу хене и ца дайта шир.

Сан нана, мел жима яр-кха хьо хIетахь.
Ма сиха дIаели и мерза хан!
ХIинца-м хьо хеназа алсам Iа меттахь,
Хорам беш йогучу ойланна сан.

Халла бен ца йолу уча я ара,
Шеконца хьайн дегIе ладоьгIуш Iа.
Ас хIун дан дезар-те хьо яцахьара?
ХIун дийр ду-техьа ас хьо йодахь дIа?

Хьо лаза хьакхийча, ас бала лов-кха,
Гу санна, лахло-кха сан хьаштийн лам…
Хьоьл хьалха вер ву со тIаьххьарчу новкъа,
Хьоьл тIаьхьа дуьненах ца баккха чам.

Хоттане, 1981 шеран апрель


Рецензии