Извините, Песню переделал. Подсказала музыка слова

"Мехка Даьттан чиркх".
Буьрса дарц ду йоьхь т1ехьоькхаш, б1аргаш д1а ца делало.
Нохчийн Къам ду Махкахь оташ, дан г1о доцаш лаьтта тхо.
Мехка Даьттан чиркх бу богаш, цу Даьтта доьхь, вайна т1ом бо.
Боданехь ду Къам вайн латтош, бусалб Динно серло ло!

Шийла мох бу ага техкош, Котар Юрт вайн йогаш го.
Декъаз къам ду, дагош-оташ, дан г1о доцаш оьга тхо.
Мехка Даьттан чиркх бу богаш, цу Даьтта доьхь, вайна т1ом бо.
Боданехь, к1из-къие бер доьлхаш, Ненан дакъ ду, догаш го.

Баккхий Нах бу, деле доьхаш: Аллах1, тхуна хьайн г1о луо.
Салтий лаьтташ, герз т1едетташ, Аллах1, хьайн къинхетам луо!
Мехкан Даьтта санна, Халкъ ду дагош, декъех йуьзна аре го.
Бода беъна, сан Даймехка, бусалб Динехь серло го!

Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1,
Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1,
Ла илах1а иллаллах1, Ла илах1а иллаллах1.


Рецензии