Хьоь йоза йаздина, дог дайда ва лиана

Цхьана замнахь Мохьаммадна, аса байташ яздинера.
Доттаг1ана хьурматана, вежарий а хиларна.

Тахана со генахь веха, йистерачу Сибреххьа.
Доьзалаца, кху меттахь са, 1ар-вахар тасделлача.

Синна гатто  йеача, хьоьга виста  хуьлара,
Дагавалар оьшаша, хьан озе ладуог1ара.

Мохьаммад, сан ваша хьо, йохар йу цхьа Зама,
Вай цхьана Даймахкахьа, бертахьа цхьан  даха.

Дага доха хиллараш, йоьхана цхьа Зама,
Вовшенна вай делараш, цхьана шуьне хийшара,

Наггахьа сай коьрте ва, йазъелла ойла  йеъча,
Даймехкана  аренаш, сагатдар дазделлача,

Хьоь йоза йаздина, дог дайда ва лиана.
1ахьа  оьцу сан бала, парг1ато йахьаша.

Дагавеъча вайн ваша, дагалецам 1аьткъача,
Хьоьга кхойда, йуха а, хьаха вешша вайн ваша.

Да виса, х1ай Зама хьан, вис валара  тха  ваша.
Шенна г1иллакх, оьздалла,  доьзалана 1амоша.

Тхуна а хир вара, масалла  а, накъоста,
Марзуо а хир йара, шатайпа  чомахьа.
                (01/2010г.)


Рецензии