Амалаш къагийна

Амалаш къагийна, дагчохь Динн ч1аг1 дина.
Хьан г1иллакх, къамел а, тхуна ша марздина.

Хьан деган лазамаш, Динн дуьйцаш бийци 1ахь.
Хьайн Стеган майра Аз, Динн лораш айди 1ахь.

Асхьабийн кош-барза, тидамца хьаьстира,
Мисканаш, буо-бераш, рицкъаца там бира.

Да висъ, хьан, Рамзан-хьаж, къуонаха гайти 1ахь,
Нохчий Чоь, Ненан мотт, лакхалла гайта 1ахь.

Йахначу заман нах, къуонахий хиллера.
Доьналл цер, майралла, хьуна ва тайнера.

Керарчу заман Стаг, къуонаха хилла хьо.
Церачух доьналла, майралла хьоьгахьа.

Бусалба Динн айдеш, Дална б1аьрг белха беш,
Тхан дегнаш дуьзи 1ахь, тхо хьайца делха деш.

Ирсе ву тахна со, Латт-йисте Сибрехьахь,
Даймахкан Да хилла, бусалб-Динн айди 1ахь!
 
Ассаламу 1алайкум, дог-ц1ена, Къуонаха,
Маршалла ду хьоьга, йоцаша догзалла! (02/2010г.)


Рецензии