Тамашен зама йу боху
Са дахар тийна ца гуора, Амал са тайна йара.
Дукх зама д1а йахна олу, Шераша дуккха хилла.
Суна со даим дагвоху, Къуоналла даим хилла.
Х1у дина? Лелийна г1иллакх, Белхашца берд баьхьана.
Уггара дезанаг хилла, Адамийн могашалла.
Дукха хан ца хетта суна, Д1айахнарг шерашкахь сай.
Даима сан ойла хила, Ваха лаар Даймахкахь вай.
Тахана геннарчу махкахь, Латтахьа Ша лаьттачахь,
Доьзалца дахар са хилла, Паччахьан набахт хилчахь.
Тамашен зама йу боху, 1алам ша хийца луш ду … … (Сентябрь 2009г.)
Адамаш заманца доху, Амалаш хийца луш йу.
Вайнехан б1ешеран дахар, Ойланца вай луьсташ ду.
Б1ешаран т1аьхьенна, кханен, Вай латтах лард йуллаш йу.
Заманца дахарехь суна, Беркате адмаш хилла.
Церан ц1ен г1иллакхо луора, Дахарна г1улч якх ниц1къа!
Оьзда бу Даймохк а, Къам а. Ма ирсе дахара ду!
Йа Аллах, 1ахь дела суна, Бусалба Вайнах со ву! (Декабрь
Свидетельство о публикации №110020508292