Ненан мачийн кIажаш тIе а хIуьттуш...

Ненан мачийн кIажаш тIе а хIуьттуш,
Куьзганхьалха когабуьхьар хIуьттуш,
Кепе дерза тохаделча болар,
Харц ма хуьлда, йоI, хьан хьайх бIоболар.

И хьан болар чуьра арадаьлча,
КетIа даьлла, хийистте а даьлча,
Хир ду иза хьуна бIаьсте ялар,
КIенташна а хир бу иза бала.

Хьо кетIара йолаелча дуьйна,
Цу хьан когийн татанел а тийна
БIаьргаш хир бу хьуна тIаьхьа тебаш,
Хьегам хир бу церан хьох, ца Iебаш.

Цара хьуо дIалоьлуьйтур ю моттахь,
Царех хьайна кхерам бац а моттахь,
Хьо къинтIера я хьо дохкояккхал
Кхаъ бу хьуна сан а хьоьга баккха:

Нанас дена бинабоцучеран
Къа лайначу бехказлонна къера,
Хьегна, лезна сан а дог ду хьуна,
Хьан некъ лаца со а кIант ву хьуна.


Рецензии
Хаза суртх1оттийна сан вашас))

Ваха Докаев Шалавдиевич   28.02.2011 01:52     Заявить о нарушении