Нанас цунна доггах сардам буллу...

Нанас цунна доггах сардам буллу.
Аьрха хиларх лан и лергана,
Цо и, бер ца дезаш, ма ца буллу -
Иштта кеп ю ненан довдаран.

Дов дIадер ду, ненан марахь лезна,
Екха елха йисна йоцуш чIир...
КIанта дена сардам буллуш хезна,
Эхьах вага суна доьгIна хир.

Да винехь а наха цунна бехке,
Хьарчийнехь а шех цо мехкан хIуй, -
КIант ца волу ден (я ненан) бехках.
И-м тIаьхьешка даккхал деза дуй...


Рецензии