Дехьа - герз ду, сехьа - герз ду...

Дехьа - герз ду, сехьа - герз ду.
Герзах яьлла харж
Узуш дерг ду синойн терза,
Къуьйсуш дерг ду дарж.

Къовсам боьрзуш, цхьанхьа доьрзур
Герзо детта дерз.
Амма цкъа а дов дIадоьрзур
Дац-кха, мел ду герз.


Рецензии