Къу-берзан буьйсанаш

(поэма)

I. М.

1.

“Iожалла!” - атта ахь эр ду,
Верасийн дакъа хьайн доццушехь.
Шаьлта а баттара ер ю,
БIаьрзечу куьйго мукъ лоццушехь.

Маттана урх ма малъел ахь,
Хийла цо ваьккхина дакъаза.
Пхьа  боцу чIир лехна кхел а
Йисина яц хьуна акхаза .

Хилла дерг, догIу дерг дийца
Я хьехо хьакъ боцчу нахана
Хьайн коьртан цIарах палтийса
Маршо луш, ма вийла нахала.

ЦIинбелча хьан шерийн бахам,
Буьллуш и хьанал бу-бацаре,
Ахь къилба диначу наха
Хьан са а дуьгур ду дацаре.

Хьо-м иза цкъа лайна веца:
И са кху дуьненчу далале,
Хьо дIасакъаставарх деца
Яьлла са яцара-кх, бала бен.

ХIинца а хьалхачул йоца
Яц хьуна къу-берзан буьйсанаш.
ХIинца а, хьан орца доцуш,
ЦIуьхIарш  бу хьуна ка-куьйсанаш .

Елха яхъеллачу тIодах
Некъ буьгуш нехан сатийсаме,
БIаьрг-ира батIабай бода,
Лерг-сема ладогIа буьйсане.

Хаза а, ган а там боцург
Хезар а ду хьуна, гур а ду.
Иза - ахь, ондда гIо лоцуш,
Хьуо Iехавайтинчийн пурба ду.

2.

Гой хьуна дIора цхьа туьйлиг ,
Адамийн гIалартех хIоьттина?
Царалахь чуояьттIа луьйриг
Сийсара когаш тIе хIоьттина.

Шен ситIе хIоьттина мекха
Холмачаш  ю, бохуш, йоьхкина,
Цхьаъ лела, кечбина бекхам,
Жухаргах герзаш а оьхкина.

Ткъа важа, са-меда, къехкаш,
Хебаш ву, бIо гонах баьккхина,
Кисано летийна бехкаш
IиндагIах тIаьхьа а даьхкина.

ГIенах цкъа шайхаллин Iаса
Гиначо нохчочун хьомара
Па-де-Калехь, Гондурасехь
Лоьху ворхIе а ден орамаш.

Хьехам беш лела цхьаъ, хеташ
Массо а йоI-йишин верас ша,
ЮьхьIаьржо лаьтташехь кетIахь,
Ялийна шен зудабераша.

Вукхунна-м хета уьш массо
АллахIа шен дуьхьа кхоьллина:
ХIоранга дагара дассо
Ша-шена цо сардам боьллина.

...Шена и гахь а, ца гахь а,
БIаьрхьалха марха а йоьттина,
Верасах Iаш ву цхьа Махьма,
Жинийн пал самах а хIоьттина.

Цунна гIовс  хIоьттина тIекха
Махкана доладан хIоьттина.
Гуй  дина юкъарчу текхах,
Гуш ву и шена ца моьттинарг.

3.

Уьш дийна боллушехь белла,
Дуьне а хетта шайн ондара .
...Ткъа нохчо, Iехаеш къелла,
Шога пIелг туьйсуш ву пондарах.

Цо иза белхабарх чIогIа,
ДIахезаш бац-кха и васхалахь.
Цу мукъаме цкъа ладогIа
Хьо цуьнан цIокала воссалахь.

Кхеле а тIаккха ахь даккха,
Къу-берзан буьйсанех пурба дай.
Нохчочун хIусамехь тIаккха
Вовшашна юьхькIай а гур ду вай.


Рецензии