ЙоIана-м ала дац хIумма а...

ЙоІана-м ала дац хІумма а.
Хаьа и йоІ езачунна а,
И езаш мел хиллачунна а.
ХІетте а, шимма догдахарх а,
Кхочуш ца хуьлу-кха захало,
Дагара доллушехь нахала.

Дикачу дена йинера и,
Нана а дикачу цІера ю,
Дера ю, дера ю, дера ю.
Елахь а, цкъа жима хилла ю,
Божарех Іехалуш хилла ю,
Шен цІенна цкъа хьарам хилла ю.

Пхьоьханан майдана даьккхинарг
Верасийн кхелашка даьккхича,
ЙоьІан дас долара яьккхича,
Къар ца луш, къовсаме яьлла и,
Іесачу Іедале яьлла и,
Шен кІуьрах, шен йоІах яьлла и.

ЙоІана-м ала дац хІумма а.
Хаьа и йоІ езачунна а,
И езаш мел хиллачунна а.
ХІетте а, шимма догдахарх а,
Кхочуш ца хили-кха захало...
Юха а йоІ ели нахала.


Рецензии