Хьан кIажарех летта беттаса...

Хьан кІажарех летта беттаса,
Хьоькхнех буьзна дагалецамаш,
Хьоькхнех дуьзна нехан меттанаш –
Дерриге а – цхьалха лазамаш.

Лулахойн чохь-м бер дакхош ю нана,
Цуьнан бІаьргаш баттах декхаш хеташ.
Хьан къежъелла  гІайгІа сих ца кхеташ,
Хир яц хІокху лаьттахь цхьа а нана…

Шийла Іуьйре. Мукъам боьхна гІан.
Корех леташ, дешна беттаса.
Радио чохь – хенан хІоттамах,
Дахар санна, боцца хаамаш.

Лулахойн чохь-м бер дакхош ю нана,
Цуьнан бІаьра елакъежар хьежош...
Тхов тІера схьа бехкбаккхаме хьоьжу
Ахь мехашна техко дитна ага-м.


Рецензии