Гуьйренан Iуьйренаш...

Гуьйренан Іуьйренаш
цІеххьана шелъелла яьхки,
Хьаьрсачу бІаьрхишца
делхадеш бос байна Іалам.
Амма мел базбаларх
шийлачу гуьйренан бала,
Кхин юха йогІур яц
хьуо-хьайн ахь Іехийна аьхке.

Цхьа а вац хІинца хьан
гІайгІано хьаьшна дог тедан,
Цхьа а вац хийланна
тешнабехк бина хьо къуьйсуш.

Хьан лаам зен санна,
тІейогІу къаръелла буьйса,
Хьан деган кІоргерчу
къайлешна, къу санна, тебаш.

Іуьйрено кхачайо
хьан лазам бевзина буьйса,
Ткъа дегІах хьаьрчинчу
шелоно яьккхича набарх,
Ахь, гІенаш марзделча,
хьайн мара къийлина назбар,
Хьайн деган Іийжамна
тем лоьхуш, когашка кхуьссу.

Мерабер санна, хьайх
бен доцуш хервина хийла,
Хьуо-цхьалха йисна хьо,
цхьа а ца хеташ хьайн меха...
Цундела – хьан хІора
буьйса ю бІешарал еха,
Хьан хІора Іуьйре ю,
хьан кура дог санна, шийла.


Рецензии