ХIинца хьо ю боху...

ХІинца хьо ю боху,
къу санна, бехказло лоьхуш,
Куралло ца юьтуш
ма-дарра хьайн гІалат ган,
Галморзахбаьллачу
кхолламна моханаш кхоьхьуш,
Боцучу бехкала
со волла ца йолуш ка.

Хьайн деган Іеткъамаш
нахала ца баха гІертарх,
Куьзгано санна, уьш
лаамза схьаоьхьу ахь.
Курачу хьан дагна
хьайн доцу хьекъал ду аьрта,
Курачу хьан дагна
хийра ю бакъ йолу яхь.

Цундела яха хьо,
тоам беш хьайгарчу ирсах,
Сан бала баккхий хьайн
гІийлачу ойланийн кех.
ХІинца ахь мел дийриг
сан дагна хетар ду нийса,
ХІинца ахь гІалат дарх,
сан дагна хетар дац бен.

Дахаран мехаша
къаналлин хебаршка ийзош,
Шераша дакъийна
дитт санна, хьуо йисча хьо,
Ахь бина тешнабехк
лайначун амато хьийзош,
Текъаме доьлхур ду
шелделла хьан къена дог.

Амма хьан гІайгІанна
цунах а кхочур яц гІоли –
 ГІалато эшийнарг-м
цкъа а шен бехках ца волий.


Рецензии