Хьагъелла ойланаш тийча...

Хьагъелла ойланаш тийча,
Лекъи хьан безаман хьоста.
Муьлхха а бохам лан кийча
Хилла со хьох-м хала къаьсти.

"Ца доьгІна хилла-кха," – аьлла,
Стешха са теди ахь хийла.
И сардам сох бахна баьлла,
ТІаьхьа ду хьан дохкойийлар.

Ма гІерта сан бала тебан,
Чот ма е сан ирсан декъан,
Дей-буьйсий санна, ду бен-бен
Вайн вовшех ца ийна некъаш.


Рецензии