Хьан лорах ас хьешна гIайгIа...

Хьан лорах ас хьешна гІайгІа
Сан лорах тебачо зийна.
Жоп доцуш бисча сан кхайкхам,
Сан лазам  халла дІатийна.

Ас балех дуьйцина некъаш
ХІинца ахь кхечуьнца хьоьшу,
Галморзахаллашна текъаш,
Ца хууш, хьайна хІун оьшу.

Бекхамна леринчу чевнех
Лазамаш лелха хьан даг чу.
Орцанна къевлинчу кевнех
Бетталой, уьш буьсу даг чохь.


Рецензии