Кестта со цIа вогIу
Зелимханов Мохьмадан
безамна
1.
ТІаьххьара гиначу гІенах,
Йицйина цІий дуьйлу чевнаш,
Лийхира цо вина эвла,
Бераллин урамийн ченаш,
Мартанан бердашца ловзар,
Синтемза буьйсанаш, денош,
Къоначийн къена теш – шовда,
Да-нана, долийна цІенош...
ЦІеххьана набарах ваьлла,
Ойлаеш, хан яьхьна ехха,
"Кестта со цІа вогІу," – аьлла,
Дега цо яздира кехат.
2.
"Тешаме сан гІортор," – бохуш,
Воккхавий салтичун дада.
Мехкарийн аматаш бохуш,
Кхин ойла йинера нанас-м.
Дагахь а дацара царна –
И вевза, и везачарна –
ТІебогІуш бохам бу бохург,
Шайга и лалур бу бохург...
3.
Стешхачу тийналлех тешна
Минот а тешаме йоцуш,
Цхьанна-м хьан гІо-орца эшча,
Хуьлу-кха дагахь а доцург.
Тийналле ладоьгІуш Іийна,
Хи эца хийиистте ваьлча,
Салтичун хьагбелла кийра
Іовжабеш, кхийтира даьндарг.
Дахарах къаьстачу хенахь
Цо дуьхьалтесна хиллера
Мел гинарг тІаьххьарчу гІенах,
Дега ша яздина кехат.
Дагахь а дацара цунна,
Ша вевза, ша везачунна
Ша бохьург бохам бу бохург,
Цаьрга и лалур бу бохург...
4.
Нохчийчоь.
ПІераска.
Кешнаш.
Къаръелла тийналла хедош,
Хезаш ду шагделла дешнаш,
Хораман къурдашца хедаш.
БІаьрхишка бирзина бала
Йовлакхан маьІиге кхоьхьуш,
КІантаца къамеле вала
Дас цуьнан хьоме аз лоьху.
Синбала лазаме баьлча,
Доьшу цо, сов деза хеташ,
"Кестта со цІа вогІу," – аьлла,
Салтичо яздина кехат.
Свидетельство о публикации №109041802080