Со ларвеш, йижаза йолчу...

Со ларвеш, йижаза йолчу
Хьан коре хІуттур ву со а,
Со ларвеш, къовлаза йолчу
НеІаре гІуртур ю хьо а.

Юха а яхлур ю буьйса-м,
НеІар тІе некъ а хир беха,
Хьо гаран меха сатийсам
Соьца хьан боларехь бехаш.

Буьйса цу боларх а хьерчаш,
Эххар схьакхочур ю хьо а...
Набарх кхин ца вала гІерташ,
НеІарехь соьцур ву со а.

Юха а язлур ю Іуьйре,
Вай вовшех къастаран меха,
Суна цо марздийр ду туьйра,
Нана, хьан хІусамехь дехарг.

КІантана дуьхьала яла
НеІаре оьхур ю хьо а,
Ца лууш набарх кхин вала,
НеІарехь соьцур ву со а.


Рецензии