Ломан кIажа суьйре тийна юссу...

Ломан кІажа суьйре тийна юссу,
Экха санна, лорах богІу бода.
Хьаша хилла, тховса лома вуссуш,
БІаьрса хеба озийначу Іодах.

ХьаргІа санна, стиглахь кхозу буьйса,
Шенна йисна цІе-кІур хаьлла кІотар,
Ткъа ас цуьнца къора лаьмнаш къуьйсу,
Ла ца делла цо сайх бІаьрзе бо дар.

Къуьйсу шийла, еса, екха керташ –
Дедайх бисна верас воцу бахам.
Лаьхьа санна, дегІах лазам хьерчаш,
Лаьа кхузахь юхадендан дахар.

Іийжайоллалц лазаевлла берчаш,
Со ян гІертарх сайн мел йолу таро,
Шерийн шело чухуьйдина кхерчаш
Бох ца бо-кха сан саьхьарчу цІаро.

Синлазамийн цІарах марсайолий,
Гатло цунна кхерчан шийла кийра.
Хорам богІий, эшча хилла гІоли,
Бехкала а йоьдий, гІелло хийла.

Дедайн некъийн шира лараш санна,
Ян ца туьгуш, эххар и дІайов-кха.
Сан са лаьцна хорам баста санна,
Буьйса йоьду, вуьтуш со сайн новкъахь.

Боберах сайн даг чохь къора воьлхий,
Ас сайн лазам цунна тІаьхьа хоьцу.
Орца лоьхуш, син ткъесашца лелхий,
И сан лазам ломан кІажахь соьцу.


Рецензии