Латтийтийша дитт

Ма айбийша орам хадо диг,
И мел лаьтта, латтийтийша дитт.
Дакъаделларш шераш бен ма дац,
Дакъаделларш орамаш ма дац.

Сан махкана дича къоланаш,
Лаьмнех дакхош къена орамаш,
Иза еса цхьалла йиъна ду,
Хьакъ ду цунна дахар, хьанал ду.

Іаса луьйзуш вогІу воккхастаг –
Мацах кхузахь лаьмнех ваьккхинарг,
Цуьнца – цуьнан ваха висна кІант –
Кхуззахь ненан некхах ваьккхинарг.

Дакъаделларш шераш бен ма дац,
Дакъаделларш орамаш ма дац.
Ма айбийша орам хадо диг,
ХІоллам санна, латтийтийша дитт.


Рецензии