ЦIерпоштан некъ

Со, ненан марзо а йовзале,
Къежвелла цІерпоштан некъа тІехь,
Цу некъан деккъа ши доза бен
Ца девзаш кху лаьттан некха тІехь.

ГІаргІулийн назманийн мукъамехь
Некъ хьоьшуш цІерпоштан чкъургаша,
Со ваьгна сайн лаьмнийн дукъа тІехь,
Нахаре сатесча ардаша.

ГІо-орца ца кхаьчна тешамаш
Декъалбеш семачу гІенаша,
Ас къинойх цІанбелла эшамаш
Схьабеъна къорачу хенаца.

ГІайгІа ю церан садукъаме,
Къобалъеш хораман къурдаша...
ГІаргІулийн назманийн мукъаме
Йоху и цІерпоштан чкъургаша.


Рецензии