Хьуний бен евзар яц...

Хьуний бен евзар яц
буьйсанан мукъамийн гІайгІа,
Хьуний бен карор дац
и гІайгІа декъалъян дешнаш.
Хьо цхьаъ бен кхетар яц
къоначу ненах а, хьайх а,
БІаьргаша мел хьешна
седарчий бІаьргаш чохь дешча.

Ахь дагалоьцур ду
хилларш а, хиндерш а, дерш а,
Аганах товжийна
дахарах тешийна ойла.
Денош а кегор ду,
хІинца а долоза дерш а,
Ца лууш цара хьайн
кІантана хорамаш бойла.

Тховсий бен бевзар бац
хьуна кху дуьненан мах а,
Тховсий бен карор дац
седарчийн беснеш тІехь кІаьгнаш...
Хьан Іуьйре декъалъян
хьан коре хІоьттина малх а
Хир бу-кха кхана хьан
бІаьргаш чохь цІинбала хьаьгна.


Рецензии