НЕНЕ

Селхана ца гинарг тахана гуш,
Тахане ца евзаш кхана,
Аьрхачу сайн дагна паргІато луш,
Со лела ма мотта, нана.

Некъ билла дахаран некъашна пурх
Ойланаш ца леста пана.
Тахана-м соьгахь яй кхолламан урх,
Со цуьнгахь хир ма ву кхана.

Лоьхучу сайн ирсах диллина дог,
Со ваха ца вита кхана,
Сан багахь хир бу хьо, сан ненан мотт,
Сан дагахь хир ю хьо, нана.


Рецензии