Сан ненан гIевлангахь..

Сан ненан гІевлангахь
къежлуш ду гІенаш,
Аганан эхь-бехках кхийрина.
Шен кІентийн когаш тІе
хІиттина хенаш
Цо делан дикане кхийлина.

Сан лаьттан гІевлангахь
денлуш ду гІенаш,
Заманан эхь-бехках кхийрина.
Хиллачун, хиндолчун
юкъ йоьхку хенаш
Цо кІентийн дегнашка кхийлина.

Сан лаьттахь денлуш ду
сан некъан генаш,
Ас сайн ден амалех Іийдина...
Сан ненан гІевлангахь-м
къежлуш ду гІенаш,
Аганан эхь-бехках кхийрина.


Рецензии