Со нанас доIанна айбинчу куьйгаш тIехь кхиъна...

Со нанас доІанна
айбинчу куьйгаш тІехь кхиъна,
Къонахийн кхача ас
дуьххьара сайн деца биъна.
Аганан мукъамехь
сан цІарах мел бина кхийлам
Со новкъа волучохь
сагІина сол хьалха бийлла.

"Декъала некъаш ду –
ворхІе а дех дисна некъаш,
Осала некъаш ду –
ден весет дохийна некъаш."  –
Иштта ду нанас со
дахарна денвина илли,
Иштта ду суна дас
весетна дитина илли.

Цу иллин мукъамо
сан даг тІехь декъала мо бо,
Цу иллин мукъамехь
дахарца ас дина тоба.
Иза ша доІанна
айбинчу куьйгашка кхачахь,
Сан нанас хьанал бер
ас биъна къонахийн кхача.


Рецензии