Ростов-гIала. Пушкинская-урам...
Дешар – атта. Хала – маьркIаже.
Дастаделла кхузахь шерийн гураш,
Гатто йоцуш, дегIан чкъуран бен.
Iойла дайна сан кху юкъарIойлехь.
Сардам хилла чу а воьлла Iер.
Сайн шерашца девне юьйлу ойла
Арайоккхур ю ас ураме.
Ткъа цу арахь – бIаьстенгара суьйре.
Суна цо ма кураллаш а йо-кх,
Шеца бен, кхи доцуш санна туьйра,
Ша ган бен, кхин воцуш санна со.
Изза бен, кхин гина вацахьара,
Лезна вацахьара, изза бен,
Тарлора, ас, кхара санна, лара
Боьрша стелла я боьршалла стен.
Церан болар ду кху урамехь дерг,
Хьалий-охьий лелаш зингатех.
Кхузахь магийтина ду-кха эхь дерг,
Цхьа а воцуш билла-баккха бехк.
ЙоI я нана, я буто путана –
Кхузахь муьлха мила – къаьсташ дац.
ХIораннан а – кийчча араIана –
Ловзакерча некхан меда ваз.
Маьрша йитна сагучунна хьежа
БIаьргийн ало хьерча гIодаюкъ.
Цу алонна хьегIаш йолу межеш
Кепатоьхна я мохлоьцуш ю.
Жимма Iийна, лелар ю и кепаш,
Мохал мерза са а лоьцур ду.
Сан воккхаллах жимма бехк а хеташ,
Царна тебаш божабераш ду.
Гена боццуш хьийзаш бу кхин кIентий,
Коьрте хьийзаш цIулла ойланаш.
Со кхиийнчу бIешеран студентийн
Кхечу басахь дара тайпанаш…
Бассалуш бу Пушкинская-урам.
МаьркIаже ю буьйсанах дIауьйш.
Хорам бале сайна дегIан чкъуро,
ДIа чугIор со, сайн шерашна луьйш.
Свидетельство о публикации №109032906179