Хелхарна воццушехь тIера...

Хелхарна воццушехь тIера,
Суьйренца накъостех кхеташ,
Лоьхура ас а синкъерам –
ХIиттаян хелхаран кепаш.

Эшарца богIуш-ца-богIуш,
Хелхаран бухь буьйлуш тIома,
Мехкаршка дегнаш а дохуш,
Вулура дуьненан чомах.

Хьуна а и девза хир ду,
Бевза хир хьуна и чам а.
Цуьнца а яц-кха сан чIир а,
Амма бу цхьа дагахьбаллам:

Сан бIаьрг хьох ма тIаьхьа кхийти…
Цкъа мукъне хьоьга сакъера-кх…
Хьуна тIе хабар даийта
Со тIаьхьа-м ца висна техьа?..


Рецензии