ХIумма а дац кхузахь нисдала...
ТIекхета я тIерадала.
Юха а со кхуза нисвалар
Юха а бу суна бала.
Кхузахь ас ган лууш хиттина
Цхьа а ца висна сан гонах.
Кхузахь са ир-кара хIиттина
Со а ву тахана совнах.
Мацах ас ларйинчу суьйренех
Тера ца юлу-кха суьйре,
Со самаваьхначу Iуьйренех
Тера ца йогIу-кха Iуьйре.
Амма со ирсе а хилла ву,
Иза а сан кхузахь дисна.
Со кхуза валийнарг хIилла ду,
Цу ирсан марзонах дисна.
Свидетельство о публикации №109032905879