КIант ву гIалахь Iаш...
КIант ву гIалахь Iаш,
Нана юьртахь еха.
Деле доIанаш
До цо, кIант цIавоьхуш.
Цхьаъ ву ненан и,
Хьоме ву и ненан.
Амма гIалахь кхин
Бен лехна цо шена.
Нанас сагатдо,
Наха бехкаш доху.
Шен кIантехьа гIо
Нанас чIогIа доху.
КIант ву гIалахь Iаш,
Нана юьртахь еха.
Нана гIала – гIаш,
Юьрта – некъ бу беха.
ТIе ца вогIуш кIант,
ХIинца и кIелйисна.
Маьнги юххехь – гIант,
Молханаша дуьзна.
КIант ву гIалахъ Iаш,
Ненах цамгар хьерча…
Кестта наха гIаш
Хьор и кешнийн керта.
Свидетельство о публикации №109032905783