Да вис-кха сан Нана

(19/08/2007г.)

1ахь алахь соьга-хьа, Нохчий Чоь, Даймохк са,
Хьуна со к1ант хила хьожар ву даимна,
Даймахкахь со ваьхна, Даймахко кхиина,
Иллешца хьо хьоьсташ, хьан дог асс делийна!

Да вис-кха сан Нана, вис валар сан Дада,
Вайн даймохк хазбина, цунна и д1агайта.
Сайн Дай Мохк хаз бина, сайн Дада велийта,
Да вис-кха, ниц1къ балар, цхьан денн Шу делийта!

Хастам бу, сан дела, декъалварн сан Дада,
Хьайн дукха везарна, хьайн доьхьла 1ахь вига.
Хьан  хилла ойланаш, хьа хилла безамаш,
Бакъ Хилла лаьтташ ду, кхиош ду адамаш.

Нохчийн Чоь, Даймохк сан, сан дега лазамаш,
Декъала хьо Хилла, хилла сатийсамаш.
Нохчийн Чоь, Нохчийн Къам, шун дагна хуьйла Тамм,
Шун доьхьа со лиэла, шун доьхьа дахар сан.

Вай вовшен доьлийла, вай вовшех дешийла,
Вовшашца гергарло вай денна дебийла.
Йуьхь-к1амца вовшашна лаьттийла даимна,
Къуонахийн дог-ойла, цхьаъ йолаш дехийла.

Сох, тахна, к1ант вина, къоман хьалх ваьккхина,
Балах хьалх ваьккхина, даржахь лакх ваьккхина.
Хастам бу Аллах1на, Нохчийн Чоьнн, Къоманна,
Йа Аллах1, хастам бу, бусалба кхолларна!

Да вис-кха, сан Нана, вис валар сан Дада,
Цхьа де Цуьнца декъа, дагволаш б1аьрхьажа.
Цуьн велар, Хьа елхар, шу мара ва къуьйлаш,
Г1енаха со веха, б1аьрхих сай дог дузаш!

Да вис-кха, сан Нана, вис валар сан Дада!
Вайн Даймохк хазбина, цунна и д1агайта.
Сан Даймохк хазбина, сан Дада велийта.
Да вис-кха, ниц1кх балар, цхьан денн Шу делийта.


Рецензии
Ма хаз язйина аьх и дешнаш!

Зина Махмудова   10.06.2015 17:55     Заявить о нарушении