Звезда
«…ПУСТЬ УПАДЕТ МОЯ ЗВЕЗДА В ТВОИ ДАЛЁКИЕ ЛАДОНИ…»
И ОЗАРИТ ОНА ТОГДА, ВСЮ ЖИЗНЬ ТВОЮ СПОЛНА.
И БУДЕТ ВЕЧНЫЙ ЗВЕЗДОПАД, В ТВОЕЙ ЛЮБВИ, ВСЕГДА!
-------------------------------------------------
ДОПОЛНЕНИЕ к В. КУЗНЕЦОВУ… - ОСЕНЬ 1984г.(ОКТЯБРЬ).
-------------------------------------------------
«Дуьне – 1алам»
Дуьне – 1алам хаз ди 1ахьа сунна,
Ловза доккхаш кийрара дог са.
Даим улле г1ерташ ву со хьуна,
Дега йовхо оьшаш сайна хьа!
Ойла йехьа, са метана хила,
Йелалой схьахьажа соьга хьо.
Безам бу са тахна кхойкхаш хьоьга,
Са хьоменаг, жопъ 1ахь суона луо!
Даим аса лехнарг Хилла сунна,
Кийрара са дог 1ахь деладо.
Дерриг дуьне лур ду аса хьуна,
Са хьоменаг, безам суона луо!
Вай безама ирс со кхолла вола,
ХЬа Дега т1е некъаш лоьху ас.
Ойла ца йеш жопъ суона ма луо,
ХЬоменаг ма йелахь дагна васс!
Тахна хаза лаьтта дуьне-1алам,
Даим иза вайна лаьттийла.
Ишта даим хуьйла вайшин безам,
Т1аьхье вайшин беркте хуьлийла!
**************************
3 октябрь 1991г.
«дуьне, адмаш, зама».
Дуьне, Адмаш, Зама.
Х1унда лаьтта дог т1ехь бала,
Стена хьийза Дуьне – Нана,
Бусалб дегнаш тийжа деш?!
Вай х1у лоьху кху дуьненчохь,
Стена даьлла корзах дог?
Ойла йайша, х1ай бусалбаш,
Шаьш д1абоккхаш х1ора ког.
Вовшен дешнашц д1овша детташ,
Ж1аьлеш сана вовшах лиэташ.
Х1у хила долу кху дуьненах,
Дийца соьга, бусалбаш?!
Тахна кийрахь бала лаьтта,
Т1улг а Хилла г1уорош дог.
Х1инца лиэла дуй-теша атта,
Аллах1, олаш, баьккхич ког?!
Дукха даьржин вуонарг вайна,
Вовшен вассаш дийбана.
Ас д1атотту даг т1иер бала,
КЪинт1иер воккхаш бусалба!
********************
1Ноябрь1991г.
«ИМАНЕХЬ СОБАРА»
ИМАНЕХЬ СОБАРА ДОЬХАШ,
ДУЬНЕНЧОХЬ ВЕХАШ ВУ СО,
ДАХАРЕХЬ САЙ ИРС ВА ЛОЬХАШ,
ОЙЛА ЙЕШ, МИЧАХЬ ДУ ХЬО…?!
КАРИЙНА, САМУКЪА ДАЬЛЛА,
ХАЗДЕЛЛА АМАТАШ ХЬА,
АММА, ГИР «Б1АТРГАШКАХЬ», АЬРХА,
ВАДИЙРА АЬРХА СО Д1А.
ШИЙЛА ДУ ДИЙНАХЬА АРАХЬ,(1)
Г1УОРА ДО КИЙРАР ДОГ СА.
БУЬЙСА Т1ЕЙОХАР ЙУ, ХАЪЛАХЬ,
ДИЖОР ДУ АДАМАШ Д1А.
Т1АККХА СО ВОЛУ-КХА АРА,(3)
УРАМАШЦ ВУОЛА ЛО СО.
ДАГАЧОХЬ БУЬЙЦУ САЙ БАЛА,
АЙСС – САЙГА ХЕТТАРАШ ДО.
ТИЙНА ДУ, ДИЙШИНА АДМАШ, (2)
КУОРАШКАХЬ ЛАМПАНАШ ЙАЦ.
ИШТА ДУ ДИЙНАХЬА КЕШНАШ,
ЦИГАХЬ БЕН ПАРГ1АТО ЙАЦ.
ХИРА ДУ МАССАРНА ЭХАРТ, (4)
ДАХАРЕХЬ ЦАМОЬТТАЧОХЬ.
ДОЙРА ДУ ВАЙ СИНОШ ПАРГ1АТ,
Д1АСКЪАЬСТАШ ДУЬНЕНАЧОХЬ.
ХАРЦ-ДУЬНЕ, БАХЬАНАШ ЛИЭЛО,(5)
КХОЬЛЛИНА ДАЛА ВАЙНА.
АДАМАШ ЦУНАХ ЦА КХОЬРУ,
ГЕШ ДЕХЬА, АЛЛАХЬ, ТХУНА !..
******************************
март 1991г.
Свидетельство о публикации №107010200130