1 хьадис
Дуьйцу, муъмина нехан амиро Абу Хьавса 1умара бин аль-Хаттаба, дела реза хуьйла цунна, аьлла бохуш:
Суна хезнера, делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, олуш:
Боккъала а, 1амалш ниййяти хьаьжжана (лоруш) ма ю. Иштта, боккъала, х1оранна а, (бекхам) ша дан лерриначух хира бу.
Иштта, делий, делан элчий волчче д1акхалха ниййят хиллехь цхьанний - цуьнан и лорур ду делий, делан элчий волчче д1акхалхар санна. Ткъа цхьаъ д1акхалхахь (цигге) амма дуьненан х1уманна дуьхьа я зуда бахьнехь, ша яло г1ерташ волу, - и лорур ду цуьнан цо д1акхелхаш лерриначу дуьхьа".
2 хьадис. 40 хьадис ан-Навави
Дуьйца, 1умара, дела реза хуьйла цунна, кхин а аьлла бохуш:
" Цкъа тхо делан элчанца, делера салам-маршалла хуьйла цунна, тобанехь 1аш долуш, ц1еххьана т1евеара тхуна цхьа стаг, къеггина к1айн духарш а дуьйхина, те11ана 1аьржа месаш а йолуш.
Цуьнан куьце хьаьжча, эр дацар и генна некъ бина ву аьлла, амма тхуна цхьанни а и вевзаш вацара. И охьахиира элчанна дуьххьала, делера салам-маршалла хуьйла цунна, улле церан голош хьакха а луш. Шен когаш т1е куьйгаш а дехкина элира цо:
"Х1ай, Мохьаммад, дийцахь суна исламех лаьцна!"
Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, элира:
"Ислам - ахь тоьшал дар ду Аллах воцург кхин дела ца хилар, юха Мухьаммад делан элча хилар а, ламаз дар а, закт далар а, рамазан баттахь марханаш кхабар а, Хьаж-Ц1а вахар а, ницкъ кхачахь."
Вукхо элира:" Хьо бакълоь!",- тхо цецдевлира, цо хетта а хоьттуш делан элчане, ша тоьшал х1оьттича цуьнан дешнаш бакъдеш".
Т1аккха цо элира:" Х1инца иманех лаьцна дийцахь суна".
Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, элира:
"Иман ду, хьо Аллах1-делах тешарехь, цуьнан маликех, цуьнан жайнех, цо бахкийтиначу элчарчех, Т1аьххьарчу дийнах а, т1аккха хьо тешарехь делан къадарех (дала яздина чекхделла хиларех дика а, во а).
Элира юха а вукхо: "Бакълоь хьо".
Т1аккха элира цо:"Ихьсанах (догц1енна тешна хилар) дийцахь суна".
Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, элира:
"Ихьсан - и ахь далла 1ибадат дар ду, И дела хьайна гуш санна. Боккъала а, хьуна И ца гарх, Цунна гуш ма ву хьо!"
Т1аккха элира цо:"Х1инца (Т1аьххьарчу) Сохьтех лаьцна дийцахь суна".
Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, элира:"Ахь хоьттачунна, хаттар деллачунна хуучулла совнах х1умма а ца хаъ цу хьолах дерг".
Вукхо элира:"Т1аккха дийцахь суна цу Сохьтан билгалонашха лаций".
Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, элира:"(И Сахьт т1екхачаран билгалонех ду) лай-зудчо шена эла-зуда доьзалхо яр а, т1аккха хьуна гур ду кога-1уьйра а, берзина а, къиен а болу жа1уй къийсалуш шен-шен г1ишлош лекха ярехь".
Т1аккха (и стаг) д1авахар, цул т1аьхьа цхьа хан яьлча Делан элчано, делера салам-маршалла хуьйла цунна, хаьттира:"Х1ай, 1умар! И хаьттарш луш верг мила вара хаий хьуна", аьлла.
Аса элира:"Далла а, делан элчанна а хаа цунах дерг г1олехь".
Тхаккха цо элира:"боккъала а, - и Джабраил малик дара, шудолче даьънарг, шуна шу дин 1амадан."
Другие статьи в литературном дневнике:
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь