6 сочинений
Ялх васт
Ваха Докаев Шалавдиевич
1.
Оьздачу стеган васт
Оьздангалла и адмийн коьрта г1иллакхех цхьаъ ду.
Озда стаг, ша цхьанне а гуш ца хилча а хуьла оьзда.
Оьздангалла пхеа декъе декъа мегар ду:
- адмашца оьзда хилар
- кхиндолу чохь садолу х1уманца оьзда хилар
- дала мел кхоьллина чохь садоцу х1уманца оьзда хилар
- ша кхоьллинчу Делица оьзда хилар
- ша шен дег1аца оьзда хилар.
Собаре, къинхетаме, хьанал кхуьу оьзда стаг.
Нахана а, Далла а, шан шена а гуш долу оьзданггали васт - цхьаъ хуьла оьздачу стеган.
2.
Суна мила хила лаьа
Суна дешна велча я лор, я ишколехь хьехархо хила лаьа. Сан да а, денда а, кхин кхо да а хьехархой хила. Сан денда Шалавди Докаев 2006 шарахь угар дика хьехархо ву аьлла даккхий совг1аташца билгал ваьккхина.
Хьехархо а, лор а адмашца болх беш ву. Дика хьехархо дешархочунна дукха веза шеен дай-наний санна. Суна а лаьа адам кхетамехь садолуш декъехь хила.
3.
Муха хила веза бокъ волу нохчи?
Ненаца йоккха доьзалхочо жималлехь дукхайолу хан. Доккха дакха лоцу нохчийн сийлахьчу нанас доьзаллехь бакъболу нохчийн к1ентий кхиош.
Воккхачуьнца г1иллакхе волуш, жимачуьнца собаре солуш хуьла нохчи к1ант.
Г1онна мохь баьлча сихало накъост хила бакъволу нохчийн к1ант. Диканехь-г1онехь а цхьатерра дакъа лоцу нохчийн к1анта.
Массо а цу х1уманна ши да ву – иман а, кхетам а. Дош лардо шеен нохчийн к1анта. Юачуьнца оьзда хуьла и.ШЕн къоман а, шеен махка а 1у ву и. Хьаналчу балхахь къа хьегарца садоккху цуо мехка дахар.
4
Хьешан сий
Вайн дайша ч1ог1а лоруш хила хьаша.
Хьаша а хила шеен хьошалин г1иллакхаш девзуш.
Хьаша берчче а воккхий охьа хааво. Къмелаца а, собарца а, яа-мала х1оттийна а – хьеша массо а аг1о ларйо х1усамдас.
Хьалха хьаша веъча уьстаг1 боьй, котамаш йойъи, совц1енош цу а вуьгий сий деш хила.
Шеца лелочу г1иллакхашна декъавог1уш хила хьаша а, совг1аташ дарца а, юачуьнца оьзда хиларца а, ша хьаша вуй диц ца дарца а.
Ша воллчахь и хьошалг1ахь мел ву, цунна т1е куьйгаш кхийда дойтуш ца хила х1усамдас.
5.
Къинхетам – адмийн коьрта амал
Бусалба хилар деза т1елаьцна нохчийн къомуо. Къинхетамца чекхдолу вай майра къам, г1ийлачу стагаца а, лулахошца а.
Уггар коьрта аг1о ю –къинхетам – адамийн куьйгаш вовше т1е ца кхуьйдутуш сацош его.
Воккханаг жимацуьнца къеда хуьла. Стаг зудчуьнца. Могашнарг –заь1ап чуьнца.
Хьолада къинхетаме хуьлу мискачу стегаца вайн махкахь.
Вайн къоман д1атесна буоберш а ца хуьла, бакхий нах а ца хуьлу д1атесна, кхиндолчу къаьмнин сана.
6.
Ненан йовхо
Ненан дог угар а к1еда ду… Доьзалхуочунна хаза хетча – цунна чулла сов хаза хетта ненан дагна.
Шен беранна хала хеттача – цунначулла а сов хала хетта ненан к1едачу дагна. Хьо жима аьлла ца 1аш, доккха х1ума а доций хуъшшехь, хьуна там бан г1ерта нана. Нана дуьненахь мел ю – цуьнан йовхонан маьлха з1анаршлахь кхерста вай денош.
Кхача а ца йо цуьнан йовхо – хьуна хьажийна йолу. Ша ца юуш – хьуна юьту цо – шен йовхо хьоьца лаьтта дела.
Хьо вижчий бен д1а а ца юьжу и. хьо цкъа а воккъа ца хоьтийца цунна - цуьнан йовхоно.
Другие статьи в литературном дневнике: