Исхан Матагов
2005-чу шарахь циггахь чекхйаьккхина №9 йолу йуккъера школа. Цул тlаьхьа, 2006-чу шарахь деша вахара НР-н къоначу корреспондентийн школе. 2007-чу шарахь, и дешна а волий, Шеларчу «Зама» газетан корреспондент хуьлу цунах. Иштта, цо болх бина НР-н «Даймохк» газетехь а.
Россин журналистийн а, йаздархойн а союзийн декъашхо а ву.
Болх беш а волуш, йуха а деша воьду И.Матагов Нохчийн Пачхьалкхан университетан журналистикин факультете.
Дуьххьара байташ йазйан волавелла иза, 2004-чу шарахь 10-чу классехь доьшуш а волуш. 2010-чу шарахь зорбане йелира цуьнан «Тешалахь хьо…» аьлла, цlе йолу байтийн жима гулар. Иштта, Ихьсанан произведенеш зорбане йевлла газеташкахь: «Зама», «Исламан зlаьнарш», «Даймохк», цу тайппана журналашкахь: «Орга», «Вайнах», иштта «Синмаршо», «Дебют» цlе йолчу а, кхийолчу йукъарчу гуларшкахь а.
Карарчу хенахь Шеларчу «Зама» газетехь болх а беш, байташ, дийцарш йаздеш къахьоьгуш а ву.
Произведений: 163
Читателей: 2665
Произведения
- Къинхетамах а хуьлуш хилла мостагl - эссе и статьи, 14.02.2023 01:04