Д1айоьду тахане!

Муса Вольф Айдамиров
Д1айоьду  тахане  малх чубузуш ломал а дехьа,
Шеран уьйриганна цхьанаэшшар т1елисталуш,
Д1адахнарг а хуьлий ца йоьрзу иза йуьханехьа,
Ирсе ша хиллаьхь, йиц ца луш иэсах тийсалуш.

Ткъе хьалхарчу оьмаро  тиларчу дерзийна адам,
Хьаг1 а, къизалла а, мекарло а хьерчош  цхьана,
Дуьненан вуон эшадан кхана  массера а бу лаам,
Амма шен сакхташ эшо кийча вац цхьа а тахана.

Х1оранна а ша бакъ хета, муьлххачу а х1уманна,
Милла а кхиниг бехке а веш керчош чан йуьккъе,
Шен г1унжаралла ца гуш, п1елг хьежош наханна,
Кураллаш а йеш, куьйгаш х1иттош г1одайуьккъе.

Сийлахь ву-кх, шен амаланна урх карадерзалург,
Мотт бийца а, сацо а хууш оьш-оьшучу меттаьхь,
Лолла лелош велха ца  воьлхург, вела ца воьлург,
Цхьанне а томана, хьеставал к1езгалла  хеттаьхь.

Ирс ду-кх хьуна безачарна, 1аламате оьшучарна,
Хьо а иэша а оьшуш, шайна а волуш дика хетахь,
Хьан вуон-диканна дакъа лаца улле х1уттучарна,
Пайден волуш хьо-хьуо а гуттаренна т1ег1ертахь.

Къоман ламасташ дицдинарг меллаша акха волу,
Синхьежам бухц1ена ца хилча, хьекъал а тилало,
Йаьхь кхиош йаьлахь тергаме, кхетам серла болу,
Замане  воха а ца ло лешна  йуьккхе а ца лаллало! (С) 08.04.24.