Хьо мел йу йехар йу берашца книгаш

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - Джабраилова.

( Сайдумова Зулайна лерина.)

ХЬО МЕЛ ЙУ ЙЕХАР ЙУ БЕРАШЦА КНИГАШ

Азаллехь са кхуллуш кхоьллинчу Дала,
Махкана пайденна кхоьллина хьо.
Берех дог лазарна, орцаха йала,
Доьналла делла цуо, и тхуна го.

Дика-вуо довзуьйтуш, нийса некъ гойтуш,
Кхетамца ч1аг1бина бераллехь мотт,
Вайн халкъан 1адаташ дан а ца дойтуш,
Берашка д1акховдо, - йина ахь чотт.

Т1елаьцна деза дукъ охьа ца дуьллуш,
Лар йоцуш дагийча мел хьегна къа,
Овкъарш схьагул а йеш, дашо х1ур буьллуш,
Берийн дог лар а деш йеъна хьо схьа.

Дегнашчохь йитац ахь т1еман дохк шаьрша,
Боданехь витац хьайх,  серло ца луш,
Дахаран аьхналла гайтарца маьрша,
Йозанан х1орд хуьлу б1аьргашна гуш.

Зулай, ахь хьаьгна къа, хало ца лоруш,
Теша со, вайн махкахь эрна довр дац!
Ирсечу бустамца дахар а доруш,
Кхиийна берашца хьу йуьсур йац!

Даьллачу беркатах дац хьуна доза,
Дезаш т1еэцарна ахь  белхан дарж !
Д1акхачош т1аьхьене  йаздархойн йоза,
Хьо мел йу  эрна йац  мел йина харж !.. .

06. 02. 24ш.