Беркате хьехархо 1абдул-1азиз

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - Джабраилова

БЕРКАТЕ ХЬЕХАРХО 1АБДУЛ - 1АЗИЗ

Вайн къоман хьашташка дикка ладоьг1на,
Дог лозуш диезарна вайн нохчийн къам,
Кегийрхойн кханенна ойла т1ейоьг1на,
Лела хьо, бовзуьйтуш вайн меттан чам.

-"Кханенан дай ду шу!"- берашка бохуш,
Ненан мотт бийца ахь царна марзбо,
Г1иллакхаш, 1адаташ карла а дохуш,
Дешархой кхиоран ахь хьесап до.

Хьайн сица, амалца г1иллкх-ларам болуш,
Масална даладо бусалба дин,
Вайн Делан Элчанна (с.1.в.с.) шафа1ат долуш,
Хоуьйту, цул ч1ог1а дин доций кхин.

Назманца, иллешца нохчийн мотт марзбеш,
Ц1ийх-дег1ах  и  иэбеш, хьоьгу ахь къа,
Хьехамаш ч1аг1бо ахь, кегийрхой ларбеш,
Дахаран ирсе не1 йеллийта д1а!

Гуш  ду-кха,  ахь хьоьга къа  эрна доций,
Тосуш, ахь кханенна   беркате х1у,
Кханенна, хьан ойла, цхьа эрна йоций,
Хьох беркат даржарна махкана чу.

Дахаран хьехамаш хуьлу хьан говза,
Кхетамца, т1аьхьено мохк ирсебо.
Доьналлах г1елцалуш, вехийла г1оза,
Могуш ахь доккхийла кхин а кхузткъа шо!

18. 02. 24ш.