Мила ву баталов вах1ид

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова - Джабраилова.

МИЛА ВУ БАТАЛОВ ВАХ1ИД
 
Заманца кхуьучо цкъа мацца хаттахь,
Сурт гича къегина: "Мила ву Вах1ид?"
Хаттарна жоп ду вайн,  дацахь ла атта,
Ала ду: " Дера ву вайн къоман шах1ид!"

Шен къомах дог лезна, шен са д1аделларг,
Кхерамна б1окъажош йуха цаваьлларг,
Вайн махка т1ом беъча орцаха ваьлларг,
Къома сий лардина г1азот т1еэцнарг !..

Да-нана ца дезаш царах цаваьлларг,
Йиш-вешех ца 1ебаш дахарах хаьддарг,
Доьзалан марзонах хеназа ваьлларг,
Шен къома бакъонах, шен са д1аделларг !

Т1ом беъча Нохчийчу  къайла цаваьлларг,
Шен къомах дог лозуш баланехь ваьгнарг,
Бусулбан йижарийн сий-ларам бинарг,
Мостаг1на къарвелла гуора ца воьжнарг !.. .

11. 03. 24ш.