Са ца туьйсу!

Муса Вольф Айдамиров
Са ца туьйсу анайисте  хьожуш коре воьлла,
Ларамза ирс  керта чуэккхарна, чан туьссуш,
Дезачун т1екхача, сайха  бен  вац б1обоьлла,
Синлехаман х1уш хиндолчун ву д1атуьйсуш.

Товш доцу хьарамчу рицкъан, т1е ца кхийда,
Дуьненах воккхаво, кханенна 1алашо лоцуш,
Хало т1ейог1ахь цуьнан лаг лаца д1акхийда,
Дахаран мохь д1атекхабо латкъамаш боцуш.

Халкъ муха ду-те бохуш пхьоьхана д1авоьду,
1овдал луьш сакъерало, суо хьекъале хеташ,
Хьекъалча вистхилча, мелла а ойлане воьду,
Цул а 1овдал вуйла кхетча, мекхах кадетташ.

Исбаьхьа дуьненчу веха кхолламца бертахьа,
Эладитанах а моттарг1анах а цабезам болуш,
Эккхайо шеко, сатийсаман дуьхьал г1ертахьа,
Бендацар а мало а човхош  т1аьхьа а лоллуш! (С) 09.02.24.