Тешам!

Муса Вольф Айдамиров
Хьан-хьаннах а цатешаран шиъ ду бахьана,
Хьалхара ду, стаг ванне а вевзаш цахилара,
Шолг1а бахьана а вевза-везарг ц1аьххьана,
Дикаха вовзаро дагчу тешамзалла йиллара.

Цхьаннех б1обоьлла, тешам д1акховдийча,
Из оьзда а хетта, цуьнах дика битам болуш,
Денна а буса а хила веза, лерг-сема кийчча,
Хьан синтешаман дуьхьал х1ун ло-те, олуш.

Цхьа а шеко а йоцуш сихвелла атта тешахь,
Т1екхача мега цкъа мацца а, шиннах цхьаъ,
Йа тешнабехк, х1илла текхош шен белшахь,
Йа хьакъ долу тешаме накъост воьлла кхаъ.

Йахь а эхь-бехк а ц1ийца долуш стаг велахь,
Зама оьшу йуькъаметтиг тайеш т1ай тохкуш,
Тасайеллачу уьйран  дурсе лерам ца хилахь,
Б1аьрган нег1ар тохале йогу из 1аь йоккхуш.

Тешаме верг-воцург хержа, цхьа а вац говза,
Диканиг вуочух, йамартхо а вац хууш къаста,
Хьо ца лоруш, йоьхьйагийча хедочулла доза,
Хьесталучарах деза, хьалххе атта д1акъаста.

Г1уллакх дац бен ца хеташ д1акхийдо тешам,
Догц1ена массо а хилара оьшуш дац догдаха,
Экам тешам д1абайча бу, синхьежаман эшам,
Дог даларо халбате такхийча хала хуьлу ваха! (С) 05.02.24.