Ма хила!

Муса Вольф Айдамиров
Ма хила синтембайна хьакъдолу доттаг1а,
Д1аидарха зама, къоналлийн мур хьешош,
Вайн карахь доцчун, стен йеш йуь г1айг1а,
Г1ора ду вай-м кхи-а лата къаналла эшош.

Сан вуон-дика доькхуш, нийсса йуьккъахь,
Хилла хьо, хьайн диканна со лоцуш декъа,
Йохь дуьххьала хасторна, бехк ма баккахь,
Нийсонца иштта ирс хьоьца а лаьа диекъа.

Дахаран лерам боцуш дола дан д1айоьлла,
Коча ма йог1ийла-кх гужамйоьлла къоьлла,
Сутарчу хьоло а тийна реч1ане ма лоцийла,
Дикка хаъ, хьолахо къечунна ваша воцийла.

Вайшина цкъа а цхьа а  хьама ма боккхийла,
Тешаме а дика а  вайн доттаг1алла ду аьлла,
Дог 1аьржаверг а, хьог1ано дохко воккхийла,
Йахь йоцург а ма гойла  вайна йуьххе ваьлла! 01.02.24.