Б1атрхишца йоьлхуш йу стигла

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/ Джабраилова./

Б1АЬРХИШЦА ЙОЬЛХУШ ЙУ СТИГЛА
 
Бусулба да-нана хаьржина Дала,
Дуьненчу ваьккхира бусулба к1ант,
Кхуьъушехь, чорда дош ца дуьтуш ала,
Кхиийра Дала, и, доцуш цхьа ант.

Бай1ела, хьо волчохь хетара дагна,
Парг1ато. Воцчунна веш ваша хьайх.
Ахь ца би  бохам хьайх, цхьанне а стагна,
Вехи хьо, йоккхуьйтуш оьзда ц1е дайх.

Бусулба к1еда дог хьайн кийра къуьйлуш,
Ц1еххьана кхелхича сих ваьлла к1ант,
Цамгаро лаьцча хьо, къайла а вуьйлуш,
Лачкъий ахь, хьулди ахь, дег1аца сакхт.

Йоврйоцу лар йитна эхарта воьдуш,
Хетало, хьан къина доьлху дуьне.
Стигла а хетало халонга йоьдуш,
Хьо воцуш гуллуш нах, саг1ийн-шуьне.

Х1ай латта доьху хьоь хилалахь аьхна,
Хьан кийра вуьллуш ву йахь йолу к1ант!
Дахарехь хан йоккхуш и оьзда ваьхна,
Ца къовсуш  даржехь шен хьакъдолу г1ант.

И санна оьзда нах леш бац вайн цкъа а,
Дуьненчохь беха уьш, мел беха нах.
Сирла нур дуьсуш шайх дуьненчохь къага,
Халкъалахь хадабеш  диканийн мах.

13. 12. 23ш.