Йахь йолу к1ентий

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/ Джабраилова./

ЙАХЬ ЙОЛУ К1ЕНТИЙ

Хийлаза наб йоцуш буьйса ларйина,
Аганан иллица ага техкийна,
Дайх дисна г1иллакхаш жимчохь 1амийна,
Нурмана, йахь йолу к1ентий кхиийна.

-"Шу кхиий довлалаш, турпалхой!" - бохуш,
-"Вайн мохк бу шоьгара г1о оьшуш !"- бохуш,
-" Г1ароле х1итталаш, кхайкхале!" - бохуш,
Мохк ларбан  турпалхой нанас  х1иттийна.

Цхьаъ санна, турпалхо, кхоъ к1ант хьалкхиъна,
Хахолийн махка уьш т1ам т1е  д1абигна,
Ненан дош х1ораммо шайн дагчохь дитна,
Нохчочун сийлахь ц1е ца йожо хиъна.

Дауд а, Муса а, Хьамзат, шу Дала
Лардойла, ца гойтуш, цкъа а ун-бала,
Шайх лаьцна дика дош дуьту аш ала,
Т1екхуьу кегирхой г1ерта шух 1ама.

Толамца доьрзийла шу Нохчийн махка,
Некъ маьрша хуьлийла нанна т1едахка,
Зиен-зулам къаьмнашна йуккъера даккха,
Вайн Дала ницкъ лойла маьрша хан йаккха.

09. 12. 23ш.