1арби мамакаевн сийнна

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакатова-/Джабраилова. /

1АРБИ МАМАКАЕВН СИЙННА

Б1ешераш девр ду д1а дика-вуо хуьйцуш,
Мел зама д1айаларх дог1ур дац де,
Хьакъволу йаздархо, лирик  ца вуьйцуш,
Халкъалахь йицйина илланчин ц1е !.. .

Сан Даймохк, хьан лазам шен кийра къуьйлуш,
Харцонаш ца лан луш б1аьргашна гуш,
Йозанах герз дина, зорбане вуьйлуш,
Хьан к1ант д1акхелхина, шен са хьох луш !.. .

Къоначу дахарх, ша, 1ехалур воцуш,
Бахамаш ца лоьхуш йаьккхина хан,
Хьох ваьлча, Нохчийчоь, кхин дуьне доцуш,
Йозанца шен безам битина  ган !.. .

Дахар ду хийцалуш, 1аьрби хьо воцуш,
Хьох хьаьгна, хьан к1ант ву - "г1аролехь ден... "
Мах хадо,  кхин дустар, хьан меха доцуш,
Дуьненчохь ларйо цуо дех йисна ц1е !.. .

Б1ешераш девр ду д1а некъаш а хуьйцуш,
Хьо хьаьгна парг1ато Дала  йу лур,
Амма хьох йисна лар т1аьхьено луьстуш,
Малх санна лаьттар йу, шех лепаш нур !.. .

06. 12. 23ш.