Безаман эла

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/ Джабраилова./

БЕЗАМАН ЭЛА

Некъаца, воккха стаг машен т1е ваьлча,
-"Сан меттиг бу хьуна,"- ас шега аьлча, 
Там хилла ларамна, г1илкх шена дайча,
Некъ бацбеш къамеле вели и соьца.

Хаьтти со йеха йурт,  со хьа кхиийна?
Тайпа а, тукхум а телли хьахийна,
Шех лаьцна дийци цуо, ша висар цхьалха,
Мел ирсе хилла ша, цхьаъ виссалц, хьалха.

Къаночо дуьйцуш дерг дагах д1аийна,
Леринна ладоьг1уш лаьтти со тийна,
Ойла йеш: - " Г1о доцуш, висна-кх и г1ийла..." .
Сан б1аьрхи ги цунна ойланца ийна ...

Къаночо элира, ойлане ваьлла ,
К1оргене кхоьвдина, сан  даге хьаьжна ,
Цуо аьлла и дешнаш тидаме иэцна,
Диц ца луш лаьтташ ду,  даго т1еиэцна.

-"Б1аьргах хи дожанза хилац б1аьрг хаза,
Сингаттам бовзанза дог хилац к1еда,
"Адмалла," - ойланца,  йустуш йу хьуна,
Хьан ц1енчу ойлано, дог гойту суна."

Къаночо элира: - "Къинхетам мел бу,
Лаьттар ду вайн дуьне  духур а доцуш,
Дуьне дац дууш дерг къизалла мел йу,
К1еда дог, т1еда б1аьрг, къинхетам боцуш!

Вайн дуьне безамо латтош ду хьуна,
Безаман ницкъ иэшо,  ницкъ хир бац хьуна,
Къинхетам безамца боьзна бу хьуна,
Сан йо1,  хьо безаман эла йу хьуна!..."

12. 03. 21ш. / 25. 11. 23ш.