Вай махкаха дахар назма

Раиса Абубакарова
Раиса Абубакарова-/Джабраилова./

ВАЙ,  МАХКАХА ДАХАР
             ( назма )
Буьрсачу 1аьнйуккъехь, бехк-гуьнахь доцуш,
Сихаллехь, т1е-кога йоха хан йоцуш,
Йа, кара схьакховдош, йалтах цуьрг доцуш,
Махкаха дахар вайн, - хезнерий шуна?!..

Г1иллакхийн, 1адатийн йеш терго йоцуш,
Мехкарийн, божарийн ларам а боцуш,
Кегийчех, баккхийчех хеташ къа доцуш,
Г1ум-Азе хьовсадар,- хезнерий шуна?!..

Собарх цхьа ца вухуш: - "Харцо йу !" - бохуш,
Доьналлех ца дуоха сих- дег1ах  довлуш,
-"Делан кхел йу!" - бохуш,  вай Деле доьхуш,
Хало ловш, бина некъ, хезнерий шуна?!..

Шелвелларг, г1елвелларг -  йуккъехьа тоьттуш,
Дег1ачохь йисина син-йовхо йоькъуш,
Зикар деш, шовкъаца  къинхетам боьхуш,
Г1ум-Ази д1акхачар, - хезнерий шуна?!..

Вагонаш йассайеш:-" Схьакхаьчна! " - бохуш.
Шийла дарц хьийзадарх, къахетар доцуш,
Йаьссачу аренца, цхьа кечам боцуш,
Лаййуккъе вай кхийссар,- хезнерий шуна?!..

Къонахойн сецна барт  хезнерий шуна?!...
Дай-наной, кегийрхой  гуо йуккъе лоьцуш,
Шайн дог1мех ога деш, коьртех тхов къовлуш,
Г1уранах баха, барт, -  хезнерий шуна?!..

Къизачу г1урано,  шайн дог1маш лоцуш,
1ожалла т1еоьцуш, йухбовлар доцуш,
-"Хьо везар ч1аг1делахь!  Йа Аллах1!" - бохуш...
Турпалхой г1уорабар, - хезнерий шуна?!..

Саццанза дог1у луо  делкъенга даьлча,
-"Г1уоронза цхьа хирвац, схьавало!" -  аьлча,
Са - д1алуш, ларбина, дийна  нах  байча,
Турпалхойн дина сий - хезнерий шуна?!..

Т1аьхьенна -"Турпалхойн Доьналла!" - гойтуш,
Г1орийнчу турпалхойх оган кеп йойтуш,
"ЛИЙРБОЦЧУ ТУРПАЛХОЙН ОГА !" - ду бохуш,
Казахаш дина чурт - гинерий шуна?!..

Син-ларам шу хирбу муьлххачу хенахь!
Шу кхиош хьегна къа эрна дац нехан!
Хан-зама мел йели  доьхур ду Деле,
-" Сий ларам хулийла шу динчу ненан! "

Шу къина йоьлхийла дог1анах мархаш,
Мел йелхарх байлур бац кийрара бала,
Къизаллехь г1уорийна шу къона дог1маш,
Г1азотехь нисдойла кхоьллинчу Дала!..

15. 01. 21ш./15. 11. 23ш.